ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макаревичан концерташ ца хуьлуьйту Оьрсийчоьнан гIаланашкахь


Кировехь реза ца хилла хила езаш йолу Макаревич Андрейн концерт хилийта. Вятскан филармонин директоро бинчу хаамца, Макаревичан концерт хилийта ца оьшу аьлла сацам бинарг ву иза вовшахтухуш хилла волчу Орлов Сергей цIе йолу стаг. Цу стага дIахьедар дина Макаревич Андрей а цуьнан тоба а Киров ялор яц ша, Украинерчу Святогорскехь цо концерт ялар бахьана долуш аьлла.

Макаревичан ойланаш йогIуш яц шена Украинехь хуьлучух хетачуьнца боху Орловс. Макаревичан концерт хила езаш яра Кировехь ГIура-баттахь. Оршотан дийнахь хиина Макаревичан концерт хир йоций Петарбухехь а. Иштта цуьнга концерташ ца ялийта сацам бина кхин а масийтта гIалахь, шайна юкъахь Самара а, Казань а, Новосибирск а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG