ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин тIеман хIаваан ницкъаша Шемахь хьалхара тохарш дина «Исламан пачхьалкх» тобанна


Iамеркин а, цуьнан бертахойн а тIеман хIаваан ницкъаша Шемахь хьалхара тохарш дина «Исламан пачхьалкх» тобан позицешна. Цунах лаьцна Шинарин буса хаам бина Iамеркин тIеман министраллан векло вице-адмирало Кирби Джона. Цо дийцарехь, цу рейдашкахь дакъалаьцна бомабанаш а, ракеташ а тухучу тIеман кеманаша. ткъа иштта пайда эцна «Томагавк» олучу ракетех.

Шемахь тохарш дар цхьа дакъа ду дукха хан йоцуш Iамеркин президенто Обама Барака дIакхайкхийначу «Исламан пачхьалкх» тобанца къийсам дIабахьаран планан. Цхьаболчу хаамашца, хьалхара тохарш деш дакъалоцуш бара Бахрейнан а, Катаран а тIеман ницкъаш. Iамеркин тIеман ницкъаша 200 тохар дина «Исламан пачхьалкхан» позицешна. Амма хIинццалц и тохарш деш дара Иракъан территорина тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG