ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман мотт даима а хуьлу маьттаза


Оьрсийчоьнан - Украинан конфликто кхоьллина васт "ватник".
Оьрсийчоьнан - Украинан конфликто кхоьллина васт "ватник".

Украинерчу Донбассехь лаьттачу конфликто, муьлххачу а тIамо санна, шина декъе бекъна нехан хьажамаш, кхетамаш, шаьш нах. Цуьнца цхьана техкина наха, вовшех кхардамаш, вовшашна маьттаза цIерш. И тайпа кхардамаш схьагулбина Маршо Радион корреспондента Бигг Клэра.

ТIом лаьттачу мехкашкахь кхоллало шатайпа лексикон. Цабезаман басарш, аларш, кхардамаш, сардамаш.

Украинерчу тIамо а кхоьллина дукха а терминаш. ХIорш ю уьш.

Бандеровцаш

Оьрсаша шайн маьIна дуьллу оцу даше. Дуьненан ШолгIа тIом боьдуш, шен къам цхьаннех а дозуш ца хилийта гIерташ, къийсавеллачу украинахойн лидеран Бандера Степанан цIартIера схьаоьцуш ду «бандерахо» боху дош.

Европехьа Украина гIоьртийла луучу наха Киеверчу МайдантIехь протесташ йолийча, царна реза доцчу Мосокохарчу Iедало баха долийра гуламхойх «бандеровцаш». Кремлехьа и нах гIерташ бацар дара Оьрсийчуьрчу политикашна цатовриг.

Украинан националистийн лидер Бандера хилла нацистийн Германица юкъарло лелош, цо Украина цайозучу кхачоре сатуьйсуш. ТIаьххьара ХIитлеран Iедало лаьцна иза а, цуьнан го а. 1959 шарахь вийна Бандера Степан, и вийнарш Советан Iедалан кхерамзаллин урхалла КГБ а лору историкаша.

Ватник

Бамба чубуллуш, йина йовха бедар ю иза. Нохчаша цунах дукха хьолехь «тужурка» олу. И духар беламе даккхинарг долчух тера ду, механа иза дораха хиларрий, набахтешкахь кхобучу нахана луш хиларрий.

«Ватник» бохучу даше диллина маьIна иштта ду: цхьа а нийсо а, гIиллакхаш а ца лоьруш, оьрсийн патриотизм айина лела стаг.

«Ватникаш» билгалбовлу Iедална буьззина муьтIахь хиларца, Iамерка, Европа цаезарца, алссам къаьркъа молуш хиларца, оьрсийн къам уггаре а тоьлла къам ду дуьненахь бохучух тешаш хиларца.

«Ватник» мила ву иштта дуьйцу оьрсийн меттан лингвиста Гусейнов Хьасана.

Гусейнов: «Ватник» - иза къен, даима а цхьа бедар лелош долу адам ду. Хьекъал гена а доцуш. Дукха ойла еш а доцуш. Стаг аьшнаш веш дош ду иза».

Социалан машанашкахь, зорбанехь шен беламе сурт а ду «ватникан».

Украш, укропаш

«Укр» боху дош данне а дац. Делахь а, украинахой аьшнашбархьама юкъадаьккхина иза. Шен Украинан цIе, хууш ду «окраина» - йист, доза бохург дуйла.

Украинахошна тIехь белахьама, «укр» боху кхардам цунах тера хезачу «укроп» даше а даьккхина. Ткъа «укроп», вайна ма-хаъара, оччам я циц ю.

Валенкаш

«Валенкаш» - айрдоцу машин мачаш. Шайн заманахь лараме а хилла уьш, Iай когаш бовха латторна. Хьалхачул кIезиг лелайо уьш хIинца, йисина, доккхачу декъанна, оьрсийн ярташкахь. Кхетамна генаваьлла воцуш, Iехавала атта волчу стагах олу хIинца «валенок». Украинера конфликт юхьара а оьцуш, "оьздавоцург", "шога оьрсийн Iовдал" бохучу маьIница йозало «валенок» термин.

Майданутый - коьртах Майдан кхетта стаг бохучу маьIне диллало. Дахначу Iай, бIаьста Украинехь хийцамаш хиларе сатуьйсуш протесташкахь Iийначу нахаца дузуш ду и дош. Хьекъалх тилла, Украина йозуш йоцу пачхьалкх хуьлийла лууш хьийзачу стагах олу «майданутый», линвиста Гусейнов Хьасана бахарехь.


Гусейнов: «Майданутый» - иза ву Украинехь а вехаш, шен маршо къуйсуш, и къийсам коьрте баьлларг. Кхечу хIуман ойла а ца йо цо».

Путиноид – Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир везарг.

Правосекаш – «Аьрру сектор» олучу Украинан партин декъашхой, националисташ. «Сек» аьлла йолу дешан дакъалг украинахой маьттаза бохуш, оьрсашлахь лелачу эвхьазчу дашера схьаэцна ю.

Колорадаш – Георгийн Iаьржа-можа цуьргаш духарца лелораш. Украинерчу Донбассехь Оьрсийчоьнехьа болчу гуламхоша лелон даххарх, даьржинчу цуьргаша елла царна и цIе. Украинан маршонехьа болчу наха олу иштта сепаратистех.


Iамеркарчу Клорадо-махкара яьржина лоручу, бошмашна кхерамечу чхьаьрвигах Георгийн цуьргаш тардеш даржийна «колорад» дош.

Хунта – иштта олу оьрсаша, Кремлехьа долчу зорбано а тIехь, Киевехь карчам хилча хьалхадаьллачу Iедалх.

Хьахийнарш йоцурш, кхин а ю Украинерчу конфликто вовшашца дарбинчу наха кхоьллина керла терминаш. Кхиерш-м яц, оьздангаллехь совца вайн лаам белахь, юьйцучохь а.

Лингвисташна бан шортта болх баьккхина Украинан-Оьрсийчоьнан конфликто. Амма кхоллаелла терминаш агIонаш яккхиер йоцуш, оьздангаллин дозанаш а хедош ю, аьлла хета лингвистна Гусейнов Хьасанна.

Гусейнов: «Зингатий санна даьржа и дешнаш вайн маттаца. Царех мотт цIан а балур бац. И мотт бийца мегаш дац олуш стагга а вац Оьрсийчуьрчу школашкахь. Баккхийнаш и зулам дуйла ца кхеташ санна лела. Вай массо а кхетаман кризисехь ду».

XS
SM
MD
LG