ТIекхочийла долу линкаш

Дуккха а зуламхой лецна Европоло


Цхьа эзар сов стаг лаьцна Европолан белхахоша зуламхойн тобанашна духьал дIаяьхьначу операцехь. Царах 170 стаг бехке веш ву адамаш дохкарна. И операци дIахьош полицин белхахоша теллина 10 эзар гергга мигрант. Европолан директоро Вэйнрайт Роба динчу дIахьедарца, зуламхой лийцира полицин дакъаша кху беттан 15-чу дийнахь дуьйна, 23-чу дене кхаччалц.

И бахьана долуш къелхьар даьккхина дохка дига кечдина хилла Румынера 30 бер. Схьаяьхна алссам наркотикаш. Царна юкъахь ду 200 кила героин а, 600 кила гергга кокаин а. Вэйнрайта дийцарехь, иза яра Европехь зуламхойн тобанашна дуьхьал дIаяьхьна йолу уггаре а йоккха операци. Цо ондда тохар дина Европерчу криминалан инфраструктурина аьлла хета Европолан куьйгалхочунна.

XS
SM
MD
LG