ТIекхочийла долу линкаш

Украинера оьрсийн эскархой дIабигар гина НАТО-н векалшна


НАТО-н векло подполковника Джанзен Джейс дIахьедар дина, Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсана хааделла Украинера алссам Оьрсийчоьнан эскархой арабохуш хилар аьлла. Цу хеннахь Оьрсийчоьнан эскаран цхьа дакъа хIинца а дуьсуш ду луларчу пачхьалкхехь.

Амма НАТО-н векло дийцарехь, цуьнан терахь билгалдаккха хала ду. Джанзена иштта хаам бина, Украинехь тIом беш дерш Оьрсийчоьнан леррина эскаран дакъош хиларх лаьцна. Цул сов, Украинин дозанна уллехь дIатардина ду дуккха а оьрсийн эскаран дакъош.

НАТО-н векло дийцарехь, оьрсашкахьара болчу сепаратисташа шайн карахь латтош ю дозанехь йолу чекхволуьйту пункташ. Цу гIуллакхо аьтто бо Оьрсийчоьнан эскаршна, еш дуьхьало а йоцуш, Украинин дозанехула дехьа-сехьа лела

XS
SM
MD
LG