ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъараллан инарлан ассамблейхь къамел дина Обамас


Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин инарла ассамблейхь вист хуьлуш Iамеркан президенто Обама Барака дIахьедар дина, Цхьаьнатоьхначу Шаташа а, цуьнан бертахоша а гIортор йир ю Украинин халкъана демократи шорйеш а, экономика кхиош а аьлла.

Iамеркин Цхьаьнатоьхна Штаташа цкъа а тIом бийр бац исламаца, Iамерко аьттехьа а тIе ца дуьту цивилизацеш вовшашца тIом беш ю бохург, элира Обамас. Цо кхайкхам бира массаьрга а, къаьсттина бусулба юкъараллашка, юха а ца хьоьжуш, дIататта Ал-Кайдан а, «Исламан пачхьалкх» тобанан а идеологи аьлла. «Исламан пачхьалкх» цIе лелош йолу тоба, гIел а йина, эххаре а хIаллак ян езаш ю элира Iамеркин президенто.

XS
SM
MD
LG