ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин 69-гIа инарлан ассамблей йолаелла Нью-Йоркехь


Нью-Йоркехь дIайолаелла Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин 69-гIа инарлан ассамблея. Цигахь дакъалоцуш ву 140 сов пачхьалкхан куьйгалхо а, премьер-министр а. Цу форумехь дийцаре дечарна юкъахь ду «Исламан пачхьалкх» тобанера схьаболучу кхерамах а, Эбола вирус яржарх а, Украинехь Оьрсийчоьно тIамца лелочух а лаьцна хаттарш.

Нью-Йоркехь дуьненаюкъараллан дебаташ дIаюьйлалуш ю Iамерко а, кхин а 5 Iаьрбийн пачхьалкхо а «Исламан пачхьалкх» тобанна тIеман тохарш динчул тIаьхьа шолагIчу дийнахь. Цхьанакхеттачу къаьмнийн Организацин 69-гIа инарлан ассмблейхь дебаташ хир ю кху беттан 30 дене кхаччалц.

XS
SM
MD
LG