ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шина баттана тIаьхьатеттина Царнаевн кхел


Бостонехь федералан суьдхочо шина баттана тIаьхьатеттина Царнаев ЖовхIарна кхел яр. ХIинца цуьнан суд дIайолалур ю 2015-чу шарахь Дечкен-беттан 5-чу дийнахь. Царнаевн адвокаташна хетарехь, Бостонехь эккхийтарш дина хилар бахьана долуш, озабезам а ца беш, кхел йийр йолу нах харжа аьтто хир бац кхелан.

Амма суьдхо цунна реза ца хилла. Делахь а цо кхин а ши бутт хан елла адвокаташна, церан кхеланна кечам бан аьтто хилийта. Царнаев ЖовхIар бехке веш ву, шен вешица Тамерланца Бостонерчу марафонехь ши бомба эккхийтарна. Нагахь цуьнан бехк хилар тIечIагIдахь, цунна вен кхел ян мегаш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG