ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко бомбанаш тоьхна 14 тIемало вийна Шемахь


Iамерко Шемахь тIеман тохарш дар бахьана долуш лаххара 14 «Исламан пачхьалкх» тобанера тIемало вийна аьлла хаам бина Британехь туп тоьхначу Шемарчу хьолана мониторинг ечу тобано. Цу тобан векло Абдурахьман Рамис чIагIдарехь, бомбанаш тухуш вийна кхин а 5 маьрша вахархо.

Iамеркин эскаран векалша дийцарехь, ракеташ а, бомбанаш а тухуш цара юьхьрлаьцнарш яра «Исламан пачхьалкх» тобано шен Iуналлехь латтош йолу Шеман малхбалера мехкадаьтта кечден заводаш. Iамеркин а, цуьнан бертахойн а Iалашо ю тIемалойн ахча даккха болу аьтто бохор.

XS
SM
MD
LG