ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан стратегин кеманаша синтем байина Iамеркин тIеман куьйгалхойн


Кху тIаьхьарчу хенахь Iамеркана генадоцуш хIаваэхь лела дуьйладелла Оьрсийчоьнан стратегин бомбанаш етта кеманаш. И бахьана долуш синтем байна бу Iамеркан т1еман буьйранчаш. Цунах лаьцна Еарин дийнахь дIахьедар дина Тийначу хIорданехь болчу Iамеркин ницкъийн куьйгалхочо адмирало Локлир Сэмьюэла.

Даханчу кIиранах Ту-95 олу Оьрсийчоьнан бомбанаш туху кеманаш улле даханера Iамеркан а, Канадин а дозанна. И бахьана долуш, царна дуьхьал хьажийнера и кеманаш чудаийта аьтто болу Iамеркин а, Канадин а чехка кеманаш. Iамеркин адмиралана хетарехь, Оьрсийчоьно лелош дерг дага доуьйтуш ду «шийла тIом» болуш Советан пачхьалкхо лелийнарг.

XS
SM
MD
LG