ТIекхочийла долу линкаш

Газан хаттар дийцаре деш бу Оьрсийчоьнан а, Украинин а, Евробертан а векалш


Украинин а, Оьрсийчоьнан а, Евробертан а векалш цхьаьнакхетта Берлинехь газах лаьцна хаттар дийцаре дан. Хьалхо Оьрсийчоьнан энергетикан министро Новак Александр дIахьедар динера Москох позици хаьлха санна юьсуш ю аьлла. Оьрсийчоь буьззинчу барамехь мах схьабоьхуш ю ша стохка Лахьан-баттахь а, ГIуран-баттахь а Украине хьажийначу газах а, ткъа иштта цхьа дакъа кху шара Охан-баттахь а, Стигалкъекъа-баттахь а йоьхкинчу газах а.
Оьрсийчоьно чIагIдарехь, карарчу хенахь Украина декхарелахь ю Газпромана 5 миллиард сов доллар. Украинин премьер-министро Яценюк Арсенийс дIахьедар дина, шаьш Оьрсийчоьнца барт бан кийча ду, амма иза бан беза рынкехь долчу хьелашка хьажжина аьлла. Кху шеран Мангал-беттан 16-чу дийнахь дуьйна Газпромо сацийна Украине йоьдуш йолу газ.

XS
SM
MD
LG