ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркин тохарша гIелйина "Исламан пачхьалкх"


Шемахь «Исламан пачхьалкх» тобанна Iамеркин ницкъаша динчу тохарша аьтто бина цу тобанан тIом бан а, оьшург латто а болу аьттонах лахбан. Цуьнах лаьцна ПIераскан дийнахь дIахьедар дина Iамеркин тIеман ницкъийн штабийн куьйгалхойн комитетан гIандас инарло Демпси Мартина.

Инарлана хетарехь, Шемарчу тIемалошна дуьхьал лаьттатIехула операци дIаяхьа 15 эзар эскархо оьшур ву. Iамерко куьйгалла дечу коалицина юкъахь ю 40 гергга пачхьалкх. Кху беттан 26-чу дийнахь Бритнин а, Белгин а, Данин а Iедалша къобул дира шайн тIеман ницкъаша Иракъехь т1емаш бечу тобанашна тохарш дар.

XS
SM
MD
LG