ТIекхочийла долу линкаш

МостагI веш ву Iедало поэтах Сулейманов Ахьмадах а...


Нохчийн поэт, этнограф, историк Сулейманов Ахьмад

Нохчийн поэт, этнограф, историк Сулейманов Ахьмад

Дуьххьара коьртах йовлуш яц Нохчийчохь школашкара киншкаш. Масситтаза а меттигаш нисьелла Iедалехь болучара шайна гергахь лартIа доцург дIадаккха, массо школашкара киншкаш дIа а гульеш, цхьацца хийцамаш бина. ХIинца дIалахьийна Сулейманов Ахьмадан цхьа "маьттаза" байт тIехь йолу киншка...

Масех шо хьалха цу кеппара хийцамаш бира «Нохчийчоьнан истори. 19-гIа бIешо» цIе йолчу Iамата тIехь. Дийцарехь, урхаллехь болучарна цатайнарг дара 1867-чу шеран бIаьста, Сибрехахь миллий, мацаллий лайна гIорасиз висна Кунта-Хьаьжа дIакхелхина бохург. Хьехархоша чIагIдарца, цу хьокъехь дуьйцуш йолу киншкин агIо хийца а хийцина, цхьа хан яьлча ишколашка юхаерзийнера, амма цул тIаьхьа школан программи юкъара дIаяьккхина Нохчийчоьнан исторех дуьйцуш йолу жарга.

Масех шо хьалха Iедална муьтIахь болчу говзанчашна йоккха ледарло карийнера 5-чу классан нохчийн мотт киншки тIехь а. Цуьнан упражнени олучу цхьана шардар тIехь само йинчу Iедалхошна гучудаьллера Рамзан цIе йолу турпалхо вон вуьйцуш хилар. Массо ишколашкара киншкаш дIа а яьхьна, и шардар тIехь долу агIо дIа а яьккхина, нисдира галдаьлларг.

Цу могIарера масалш кхин а ду. Тахана кхузахь шуьйра дийцаре дечех ду Сулейманов Ахьмадан байташ, аьлча а, биъ могIа бахьанехь, 8-чу классехь исбаьхьаллин литература Iамо тексташ тIехь йолу хрестоматеш дIаяхьар.

Коьртах баьккхина балхош берг бу «Дахаран генаш» юкъара хIара могIанаш:

Ялсаманех ма хьегалахь, цул хаза бу хьан Даймохк.

Жоьжахатех ма кхералахь, Даймохк бу хьан лазам

И байт тидаме эцначу «говзанчаша» а, Iедалехь болчу «хьекъалечу» дайша а хьесапе оьцуш дац буьйцуш берг Даймохк хилар а, цуьнга болчу безаман кIоргалла гайта, иза сурт хIоттош далийна дустар хилар а. Сулейманов Ахьмад нажжаз ван Iалашо лаьцча санна, цуьнан байт юьхьарлацар бух болуш ца хетачех ву байтанча, гочдархо Хатаев Хьусайн.

Хатаев: «Байтанчо олуш дерг тардинчу маьIнехь олуш ду. Оццул беза бу Даймохк, оццул меха бу. Ялсамане я жоьжахате аьшнаш еш аьлла ма дац иза. Дустар ма ду цо далийнарг. Хьо цунах кхеташ ца хилча, ахь хIуъу а кхуллур ду? И могIанаш дара аьлла, киншкаш дIаяхьар цхьана а кепара лартIа дац. Бакълена а цу гIуллакхна охIла болу нах гул а бина, хьовса безара-кх тIаккха. Цара эр ма ду нийсаниг».

Ишта хьажам болуш бац массо яздархой. Масала, нисса бIоста хьажам бу Сулейманов Ахьмад дийна волуш дуьйна а вевзаш хиллачу дешан говзанчин. Цуьнан дехарца ас цIе ца йоккху цуьнан. Цо кхеторехь, ялсаманех ма хьегалахь бохург геннара дуьйна поэто схьаеъна идеологи ю.

Яздархо: « …иза геннара схьайогIуш идеологи ю. Васт дац иза, сурт хIотторхьама аьлла хIума а дац иза. Ша уггар хьалха нохчо ву олуш вара иза. Цо ала ма олура шена нохчо а воцуш ялсамане ваха а ца лаьа…»

Сулейманов Ахьмад байташ хьокъехь къамел динчу яздархочунна хетарехь, школан киншкаш тIера и могIанаш дIадахар нийса дина хIума а ду, тоххарехь дина хила дезаш а дара.

Ишколашакахь хууш дац дIаяьхьна киншкаш маца схьайохьур ю а, я йохьур ю яц а.

Нохчийн исбаьхьаллин литературехь йовр йоцу лар йитинчех ву Сулейманов Ахьмад. Цуьнан байташ мукъаме а яьхна, екаш ю эшаршкахь, иллешкахь. Масала, «Дог дохден цIе», «Батто сагатдо», «Зеламха», «Ма дохко ваьлла со», ишта кхин а, кхин а.

Литературан а, нохчийн меттан а говзанчо Сумбулатов Денис «Орга» журналехь ма-яздарра, «поэтан хIора илли, эшар, мукъам, халкъан сих кхетта а ца Iаш, цунах хьаьрчара. ЛадугIучийн синойн бIов-илли хуьлий, уьш дIа хIуьттура. Цуьнан массо дош, вовшашна теш а хIуттуш, Безам, Марзо, Къинхетам, Барт, Бакъ, Адамалла чIагIдеш ду.

Шен хенахь доьналла тоьънера Сулейманов Ахьмадан Москвахь, конференцехь, дIоггара кхин мах а, маьIна а доцуш ду кегийчу къаьмнийн меттанаш бохуш билгал доккхуш хIума долуш, шен дашехь ишта ала.

Ишта далийна Сумбулатов Денис Ахьмада аьлларг: Кхо хIума ду дуьненчохь даима а цхьаьна хила дезаш, вовшех даьхча кхоь а леш - Даймохккий, Ненан Моттий. Халккъий. Тхо-м нохч-гIалгIай Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг, хазаниг тIедоха ца даьхканий тхешан махка цIа, карахь а, куьйгахь а, тIехь а доццушехь. Тхо цIа оьху Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна. Ишта къамел хазийна Сулейманов Ахьмада Москвахь Iилманчийн гуламехь.

Махках а.маттах а, исбаьхьаллин литературах а оццул доглезна Iилманча-яздархо, гочдархо, этнограф, историк Сулеймановн цIе нажжаз ян кхузахь хIуьттур бу аьлла ца хета дукхахболчарна.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG