ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIавелан премеш елла Европарламенто


Азербайджанехь набахтехь латточу бакъоларъярхочунна Мамедли Анарна шарахь луш долу ХIавел Вацлаван ахчанан совгIат дала къастийна Евробертан Парламентан Ассамблеяно. Цуьнца цхьаьна совгIат кхачийначу финалистийн декъахь ву израилхойн а, палестинахойн а бакъонаш тергонехь кхобу Израил Бецел а, Малтера мухIажирашна гIоден юкъаралла а.

79 эзар доллар ду кхушара ХIавелан премин фондо доькъуш. 56 кандидат вара кхушара и совгIат къовсуш.

Европарламентан ассамблеяно шен хьалхара кхеташо схьайиллина оршотдийнахь Страсбургехь оцу барамца. Дахначу шарахь ХIавелан совгIат делира Беларусерчу жигархочунна Беляцкий Алесна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG