ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанан президентна тажтиллина


Оршотдийнахь ОвхIанистанера Iедал караоьцуш, шимма дуй биина халкъана хьалха: президентан гIента хуучу ГIани Ашрафа а, Iедалан мукъ караоьцучу Iабдулла Iабдуллас а. 2001-чу шарахь дуьйна президент лаьттинчу Карзай Хьамида дитина шегара дарж. Мехкан Харжамийн комиссино, президентан харжамаш бирзина кхо бутт баьлча, кIира хьалха, толамхо кхайкхийра ГIани. Амма хIинц-хIинца бен ца бирзина цуьнанний, Iабдуллинний толамах болу къовсам. ГIанис дош делла ОвхIанистанера дIадоьлхучу Iамеркан эскарийн декъанна бухасаца бакъо яла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG