ТIекхочийла долу линкаш

Ламталлархо Албогачиева карош яц


КIира ду Эльбрус-лома тIеяьллачохь гIалгIайн ламталлархо Албогачиева Лайлаъ яйна лоьху. Дарц эккхарца доьзна, ханна шозлагIа а совцийна талламаш. Эверест-ломан буьххьехь а хилла, зеделларг долуш ламталлархо ю Албогачиева. ТIемаш лаьтта мехкаш машаре а кхойкхуш, болийра цо Элбрусан бохь тIе некъ. Амма лар йоцуш яйна оцу новкъахь.

XS
SM
MD
LG