ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинера Нохчийчоьнан масалш


Украина – "Путинан аьшпийн дуьхьа белла" аьлла ду Донецкана генадоцчу юкъарчу коша тIе яздина.
Украина – "Путинан аьшпийн дуьхьа белла" аьлла ду Донецкана генадоцчу юкъарчу коша тIе яздина.

Дуьххьара Украинехь иттанашкахь байина нах дIабоьхкина юкъара кешнаш карийна боху хаам Гезгмашин-беттан 23-чохь баьржира. И тайпа каш Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратийн доларчу Донецк гIалин уллорчу „Коммунар“ шахтин йистехь гучудаьллера, шена чохь исс дакъа а долуш. Каш теллинчу кхелан-лоьраллин говзанаша дIахьедира, уьш берраш а маьршачу нехан духаршкахь хилла, схьахетарехь, меттигера бахархой болчух тера ду уьш аьлла.

Иштта цара билгалдаьккхира, байинарш массо а букътIехьа дихкина куьйгаш долуш хилла, уллера коьртах герз тохарца байъина а бу уьш, аьлла. Царех цхьаъ бен хьенан-мила ву хIинцалц схьа къастаделла дац – и билгалваьлларг меттигера вахархо хилла, оццу „Коммунар“ шахтехь болхбеш волу.

И хаам баьржина дукха хан ялале карийра иштта генайоцуш Iуьллучу Лахара Крынка юртана уллохь кхин а 30 дакъа. И байинарш ур-аталла мегарг дIабоьхкина а ца хиллера, жимма латта тIе а хьаьрсина, къайлабахар бен. Ткъа царех дукхахболчеран кортош даьхна хиллера.

Иштта, масех де хьалха кхин цхьаъ а инзаре кост даьржира оццу Донецкан кIоштара – цигахь гучудаьллачу рогIерчу юкъарчу кашчохь 40 стаг карийнера, шайна юккъехь дуккха а зударий а болуш, иштта кортош даьхнарш а, кийрара чокош яьхнарш а болуш.

И хаамаш гIарабовла буьйлабелча, „сайна алалле вир ала ас“ бохучу нохчийн кицанахь санна, Оьрсийчоьнехьа болу сепаратисташ сихонца дIахьедарш дан буьйлабелира, и зуламаш динарш Украинан эскархой бу, бохуш. Тоьшаллийна цара даладора, цу кешнех цхьаннан уллохь „Путинан аьшпаш бахьана долуш белларш“ аьлла йоза карийна бохург.

Иштта цара даржадо, и декъий дIадоьхкина меттигаш Украинан Къоман гвардин карахь хилла бохург. Ткъа ша-шех „Донецкан халкъан республикан премьер-министр“ олуш волчу Захарченко Александра гуттар а тамашена хIуманаш дийцира, декъий гучудевллачул тIаьхьа журналисташка. „Суна сайна гина шиъ и тайпа юкъара каш. Цу чуьрчу нехан некхан ун датIийна дара, иштта гай мел ду мо а бара. Вайна хууш ма дуй, Украинан къоман гвардино шаьш лецначеран а, ур-аталла шайн чевнаш хиллачу салтийн а, межеш сихонца схьайохийла“, - элира цо.

Амма Захарченкос и тайпа дIахьедарш дахь а, билггал хуушдерг кхин ду – юкъара кешнаш а, иттананашкахь байинарш а карийна меттигаш беттанашкахь Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратийн карахь хилла ю. Ткъа цигахь сепаратисташна куьйгалла деш вара Нохчийчохь шен къизаллица гIараваьлла оьрсийн эпсар Стрелков Игор, шех иштта Гиркин Игор а олуш волу. И Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллин сервисан полковник Украинехь къепедацарш дуьйладелча дуьйна схьа Славянск гIаларчу сепаратистийн куьйгалхо вара.

Славянск Украинан эскарша схьаяккха йолийча, иза шен бIо а эцна, Краматорске дехьавелира, ткъа цигара – Донецке. Цу шайн „турпалчу“ новкъахь йитина хила там бу цо а, цуьнан куьйгакIеларчу сепаратисташа а и къиза ларш.

Цу кешнашкахь карийна нах билггал хьан байина бохург ала хьалхе ду – иза талламхоша а, дуьненаюкъарчу тергамхоша а къастон деза. Амма цхьамогIа билгалонаша гойту и Украинера нах байъар а, уьш юкъарчу кешнашкахь дIатеIор а, ткъа иштта байале хьалха царна тIехь латтийна йолу къизалла а – иза дерриг а оьрсийн эскарша Нохчийчохь лелийначух дукха тера хилар.

Байинчеран кортош дахар ю цу билгалонех цхьаъ. Дуккхаъчу хаамийн гIирсаша а, Нохчийчуьрчу тIемаш бовзархоша а чIагIдарехь, 2000-чу шарахь Ичкерин президентан Масхадов Асланан гIоьнча а, гергара хьехамча а хилла волчу, ткъа тIаьхьо ша а президент хиллачу Садулаев Iабдул-Хьалиман хIусамнана лаьцна, дIа а йигина, цунна тIехь таIзарш динарг Стрелков Игор вара.

ХIусамда мичахь ву схьадийча бохуш, къизалла лелийнера цо цунна тIехь, дийцарехь, ткъа зудчо шена оьшу мукIарло ца дича, Стрелковс ша цуьнан корта баьккхинера бохуш чIагIдора Садулаевн доьзалан кхоллам бевзачара. И ша -башха куьгйоза – дийцинчеран кортош дахар - хIинца Украинехь карийначу юкъарчу кешнашкахь а гуш ду.

Амма иза хилла а ца Iа. Байинчеран чокош схьаяьхна хилар, - хетарехь, уьш йохкархьама, - иза а дара Нохчийчохь оьрсийн эскархоша шайн чалтачалла лелочу муьрехь шуьйра даржийна. Хийла каравора цара лаьцна дIавигинарг цхьа хан яьлчу хIинца Украинехь карийнарш санна долучу юкъарчу кешнашкахь, кийрахь мел йолу меже дIа яьккхина, цхьанхьа дIатаIийна.

Ишттачу юкъарчу кашчохь шен хIусамда карийначу Соьлж-ГIалин яхархочо Магомадова Себилас масех бутт хьалха дийцира Маршо Радионе шен къаьхьа дийцар.

Магомадова: „Ханкалахь байинчу нахана юккъехь карийра суна иза. Хечин баьрча тIера чIаьнге кхаччалц хадийна мо бара цуьнан дегIа тIехь, ша муьшан гали ма теггара, бокх-боккха маха а боккхуш, дIатегна а вара иза. Иза санна, кхин а бара цигахь иштта тегна нах. Лоьрашка тоьшалла дайта со ТIехьа-Мартанарчу лоьрийн цIийне яхара. Тхоьга веара и лор къайлаха, цо сан хIусамдех куьг а тухуш, теллира цуьнан дакъа. Цуьнан кийрахь доIах а дац, жаннаш а дац, уьш дIадаьхна, элира цо“.

И санна дийцарш хийла хезара Нохчийчохь, стрелковгIарий, гиркингIарий, царех террачу чалтачаший шайн талораш лелочу хенахь. ХIинца и тайпа нехан декъешна тIехь саяккха Iеминчийн цхьа дакъа Украинехь тIемаш болче, ткъа цундела шайн цIийх юьзинчу бизнесна шортта закъалташ карон йиш йолче, дехьадаьллачух тера ду.

XS
SM
MD
LG