ТIекхочийла долу линкаш

Эскарш дIадахча, бухадуьсур ду церан дакъа


ОвхIанистаной, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташий тIачIагIбеш бу беттанашкахь къовсамехь хилла Iамеркан эскарш бухадисарх болу барт, аьлла даьржина шинарий дийнахь. Карара шо довш Атлантикан тIеман альянсан эскарш дIадахначул тIаьхьа Iамеркан 10 эзар эскархо бухавита реза ву ОвхIанистанан керла президент ГIани Ашраф, боху цуьнан пресс-секретара. Штатийн цIарх и барт тIечIагIбийр бу ОвхIанистанерчу векала Каннингем Джеймса.

Кху кIиранах иштта барт чIагIбийр бу Кабулца ша альянсо а. 5000 эзар гергга бухавуьсур ву Ингалсера а, Германера а, Италера а, Туркойчуьра а эскархо.

XS
SM
MD
LG