ТIекхочийла долу линкаш

Гонконг реза яц Китайна


Гонконган лидеро Леунг Чуна дIасабовлар дехна протест кхайкхош арабевллачу нахе. Гуламхой реза бац Китайрчу коммунистийн Iедало 2017 шарахь Гонконган лидер хоржуш хIиттор бу аьлла дIакхайкхийначу демократина боьгIначу гурашна. Пекино луьттуш хир бу Гонконган коьрте богIу куьйгалхой, аьлла ю кечйина директива.

Мелхо а Леунг Чоне дарж дита боху, иза Пекинехьа хилар емал а деш, гуламхоша. Протесте бевлларш бу доккхачу декъанна студенташ. Къепе ларъечу дакъоша нах дIасалахкархьама оршотдийнахь юкъаяьккхинера бIаьргех хидоккху газ. Амма гуламхойн могIарш дебаш бу.

XS
SM
MD
LG