ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн марш ю Европехь


Оршотдийнахь «Машарехьа, НизамIалашдарехьа, Нийсонехьа» цIе йолу марш йолийна нохчаша Европехь. Иза лерина ю Нохчийчохь Оьрсийчоьно тIемаш болийна 20 шо кхачарна. Полшерчу парламентан Сейман цIийна хьалхара новкъа яьлла машенийн ковра кхочур Европерчу дуккхаъчу мехкашка.

Декъашхоша, хьора пачхьалкхехь совца а совцуш, кхойкхур ду Европера Iедалш нохчийн къоманна тIехь Iазап латторна Кремл жоьпе озоре а, оьрсийн президент Путин Владимир дуьненаюкъарчу трибунале валоре а. Марш кхайкхор а, чекхъяккхар а шена тIеэцна вевзаш волчу нохчийн бакъоларъярхочо Ибрагимов Сайд-Эмис.

XS
SM
MD
LG