ТIекхочийла долу линкаш

Столтенберг - Расмуссенан метта


Атлантикан альянсан (НАТО) инарла секретара, Данерчу Расмуссен Андерса дитина шегара дарж. Цуьнан тIаьххьарчу кхиамех лору тергамхоша альянсо шен эскарш кхо бутт баьлча ОвхIанистанера арадохуш хилар а, Украине агресси ярна Оьрсийчоьне НАТО-н болу хьажам хийцар а.

Кхаарийдийнахь Рассмуссенера дарж шен караэцна Норвегерчу Столтенберг Йенса. 10 шарахь шен мехкан Iедалехь премьер-министр лаьттина ву 55 шо долу Столтенберг. Норвегехь лейбористийн лидер а Iийна иза вехха.

Цо ша цигарчу Iедалан коьртехь волуш чIагIйина альянсанний, Норвегийн эскарийнний юкъаметтигаш. Цо берзийна лору 40 шарахь Норвегин Оьрсийчоьнца хIордан доза бахьанехь лаьттина къовсам а. Украинера кризис Оьрсийчоьно цига шен тIеман ницкъаш хьийсорца кIаргйо аьлла а даржийра Столтенберга дукха хан йоццуш.

НАТО-но шен хатI а, приоритеташ а хуьйцур яц Столтенберг коьртехь волуш аьлла хета эксперташна.

XS
SM
MD
LG