ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашна бен а ца етта хенаш


Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело хенаш тоьхна: Уманцев Александрна -17, Мамаев Даниялна – 15 шо, цара 2004-чу а, 2005-чу а шерашкахь полицин белхалошна тIелатарш дарна. Шелковскерчу Уманцевс а, Мамаевс а дакъалаьцна, боху кхелан сацамо, массех тIематасадаларехь, декъахь хилла массех полисхо вуьйш.

ТIаьххьарчу заманахь Нохчийчохь дуккха а ийзийна кхеле тIеман заманахь зуламаш дарна бехкебеш нохчий я Нохчийчоьнан бахархой. Амма вуно къезиг ду масалш махкахь маьршачу бахархошна дуьхьал зуламаш дарна жоьпе ийзийна Оьрсийчоьнан эскархой хьахош далон.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG