ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедална ца безачу нохчийн яздархойн кхолламаш


Коллаж "Диссидент"
Коллаж "Диссидент"

Европа а, Малхбале а яьхна дIасабаьржина ши миллион а доцчу нохчийн къоман дуккха а прозаикаш, поэташ, журналисташ, историкаш, кхиболу Iилманчаш, дешан говзанчаш. Царех стагга а вац махкарчу зорбанехь дош олуш я вуьйцуш. Церан жайнеш а ца дуьйлу даймахкахь ара...

Кхиболу кхоллараллин белхой артисташ а,Iилманчаш а.журналисташ а санна юкъареллехь шайна тIе тидам боьдуш билгал бу яздархой. Царна хетарг а, церан дош а лераме ду бахархошлахь. Вуьшта аьлчи Даймохк, ненан мотт марзбарехь, хазбарехь , хьекъале, чулацаме дош хазорехь, уьш, яздархой, мехала къилба ду Iедалехь болчарна а.могIарерчу нахана а. Кху заманахь дуьххьала а доцуш, яздархо вовзаре хьаьжжа, и шайна тIетайна муьтIахь хиларе терра,цуьнан цIарх амал мадду пайдаоьцу урхаллехь болчара.

Пайдаоьцу халкъалахь шайн сий-лараман тIегIа лакхадаккхарна тIехьажийна, »хьовсал хIара яздархо а ву тхан аьллар тIехь, дIо Iилманча а ву тхойца цхьаьна дIа а вожавелла къахьоьгуш» боху ойла гIарьяккхархьама. И тайпа сурт тахана Нохчийчохь хIора а денна бохург санна тергалло телерадиохь а, зорбанехь а. Кхузткъе иттара а, дезткъара бевлла а яздархой, Iилманчаш а, артисташ, журналисташ-м хьала а, охьа а бу Iедална хастамаш барехь , исбаьхьаллин басарш ца кхоош, керла-керла дош каро а гIерташ, лакхенеш йохуш.

«Деллахь хIокхунна а хьан бех буьллур бара те шен чохь Iийча? Къанвелла Iачу кхуьнгахь хIун бала бу хьовх шакарца, маьхьарца хастамашна аравала. Ишта кхетадо цу хIумнах кхуьуш болчу бахархоша яздархо я Iилманча къаной урхаллехь болчеран гIуллакхаш хьеста, даздан арабовлар.

Iедалехь болчара, юкъараллехь бевзаш болчу нахах, даима а еш хилла шайна тIетовжийлаш а, гIортораш а боху цхьаболчу говзанчаша. Шайн аьллар тIехь ца бисча ницкъ бина масалш а дац кIезиг. Шен хьажам, дахар кхетор лардан гIоьртина хийла яздархо, Iилманча, журналист балхара воьхна кху тIаьхьарчу иттех шарчохь Нохчийчохь, хийла шайн «со» боху кхетам, яхь лардан а, лах а стогаллех ца боха а дIа а ихна кхечу пачхьалкхашка. И саннарш иттаннашкахь бу.

Мел тIеIаткъам бо яздархошна а, кхечу кхоллараллин белхошна а карарчу хенахь хуур дац хан-зама ца яьлча. Коьртехь болчеран тIеIаткъам хьалха буьсуш бац цхьаболчу дIакхелхина яздархой-байтанчаш а.

Сулейманов Ахьмадан мацах-мацах яздина,«Ялсаманех мА хьегалахь цул хаза бу хьан Даймохк» боху могIанаш гома а карийна, тахана и могIанаш тIехь долу жаргаш лаххьийна дIаехьна ишколашкара. И дешнаш бIоста карийначу Iедалан говзанчаша хьесапе оьцуш дац уьш дустаран кепехь,тардинчу маьIнехь аьлла хилар а, кхечу яздархойн а цу могIарера ,ишта тида тарлуш йолу байташ ишколан программаш юкъахь кхин а дуккха хила тарлуш хилар а.

ХIинца дуьххьала а доцуш, заманан йохаллехь,Iедало мел тидамехь латтийна бевзаш болчу Iеламнехан, къаьсттина нохчийн яздархойн дахар, гойту кху гIайгIанечу масалша. Урхаллехь советан Iедал долуш дуьйна а, жимма а бевзаш болчех наггахь вайнехан яздархо ца висна хан тоьхна Сибрех ца хьажош. я лаьцна дIа а вигна, доьза вайа ца войуш. Цу кепара лазаме кхаж баьллачех бу нохчийн литературан бухбиллархо, буса чулилхина лаьцна а дIа а вигна доьза вайина Бадуев СаьIид а. Дудаев Iабди а. Нажаев Ахьмад а.

ТIаьхьо яккхий хенаш а етташ, дуьненахь цара лелийна а. дуьйцу хезна а доцу хIумнаш бехке а дохкуш, Сибреха хьежийна шолгIачу тулгIенан яздархой Мамакаев Iаьрби а, Ошаев Халид а, Мамакаев Мохьмад а, Гадаев Мохьмад-Салехь а, кхиберш а.

СоьлжагIалахочо Джовтханов Хас-Мохьмадан динчу тоьшаллица набахтехь хан токхуш «Архипелаг ГУЛАГ» язйинчу Солженыцина лачкъийна ахча а, куьзганаш а, тоьллачу цхьана повестан язораш а»Один день из жизни…» юхадерзийнарг ву Мамакаев Iаьрби. Цаьрца цхьана хан яьккхинчу Джовтхановна хетарехь,цу луьрчу хенахь набахтешкахь хан текхначу нахалахь гоьваьллачу яздархочо вайнехан лакхара мах хадабаран бахьнех цхьаъ хилла нохчийн доьналлин поэт Мамакаев Iаьрби.

Дерзош аьлчи массо хена а Iедал пайдаэца гIиртина «синан кхача» кхуллучу дешан говзанчех. Къарбелларш, шена «хIаъ» баьхнарш цо тIома кIел лаьцна, къармазалла гайтинчеран кхолламаш,йоккхачу къизаллица, кегга а бина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG