ТIекхочийла долу линкаш

Кэмерон Кабуле веъна


Кабуле веъначу Британин премьер-министра Кэмерон Дэвида дIахьедина, шен пачхьалкх герггара накъост а, дика гIоьнча а хир ю ОвхIанистанна, аьлла. ПIераскандийнахь веъна Кэмерон мехкийн лидерех дуьххьарниг ву ОвхIанистанан керлачу президентца ГIани Ашрафца цхьаьнакхеттачех.

Пресс-конференцехь Кэмерона кхайкхира ОвхIанистан Iедал коррупцина дуьхьаллаттаре а, шайн пачхьалкхах ма-доггIу доладаре а. ГIанис лаккхара мах хадийра арахьара даьхкинчу эскарша ОвхIанистанна динчу гIоьнан.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штател тIаьхьа шолгIачу меттехь ю Британи ОвхIанистанехь латточу эскарийн терахьашца.

XS
SM
MD
LG