ТIекхочийла долу линкаш

Туркоша дуьхьало йийр ю "Исламан Пачхьалкхана"


Луьра тIемаш лаьтта курдойн герзахошний «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашний юкъахь Шемарчу Кобани гIалахь. Кхочучу хаамца, кхаа агIор гобина оцу гIалина «Исламан Пачхьалкх» шайх олучу ницкъаша, стигалахь шайна дуьхьало еш Iамеркан кеманаш доллушехь.

Кобани гIала шайн дозанца йолчу Туркойчоьнан премьер-министра Давутоглу Ахьмада дIахьедина еарийдийнахь, шен махко дерриг а дийр ду и гIала экстремисташка дIа ца лацийта, аьлла.

Хьалхо туркойн парламенто шайн Iедална бакъо елла Иракъан а, Шемин а лаьтта тIехь тIеман операцеш дIаяхьа. Иштта магийна Турокочоьнан лаьттах пайдаэца арахьарчу мехкийн ницкъашна оцу луларчу шина пачхьалкхехь низам дIахьоттош а. 160 эзар болчу Кобани гIалин бахархошна тIамах къелхьарабовлуш шайн махка бахка бакъо елла Туркойчоьно.

XS
SM
MD
LG