ТIекхочийла долу линкаш

Барт лоьху шина Корейно


7 бутт хьалха севцца хилла бертан дийцарш меттахIитто сацам бина Къилба а, Къилбаседа а Корейно. Азин спортан ловзарш дуьйлалуш Къилба Корее шоьтан дийнахь цIеххьана Къилбаседа Корейн хьаькамаш баьхкича бина и барт. Карара бут бовш, рогIераниг болалуш дийцарш меттахIиттор ду боху кхочучу хаамаша. Сеуле баьхкинарш бу Ким Чен Ынан уллера гIоьнчаш. Царех цхьаъ ву, масала, Къилбаседа Корейн эскарийн политикан коьрта буьйранча Хван Пьёнг.

1950-53 шерашкахь вовшашна юкъахь хилла тIом бирзичхьана а бац машаран барт шина Кореяна юкъахь.

XS
SM
MD
LG