ТIекхочийла долу линкаш

Бостонехь кхелан хьалха хIоьттина Царнаевн накъост Филлипос


Царнаев ЖовхIарца доьшуш хиллачу Филлипос Робелана тIехь кхел йолалуш ю Iамеркерчу Бостонехь. Цунна бехке дуьллуш ду Iамеркан Федералан талламан бюрон эпсарша Царнаевх лаьцна шега хаттарш дича харц дерг дийцар. ХIокху деношкахь федералан суьдхочо шина баттана тIаьхьатеттира Царнаев ЖовхIарна кхел яр. ХIинца цуьнан суд дIайолалур ю 2015-чу шарахь Дечкен-беттан 5-чу дийнахь.

Царнаев ЖовхIар бехке веш ву шен вешица Тамерланца Бостонерчу марафонехь ши бомба эккхийтарна. И бахьана долуш вийна 3 стаг. 260 сов стаг чевнаш йина вара. Царнаевн адвокаташ бехкъасторхой кхето дагахь бу иза цу зуламна цуьнан вашас Тамерлана юкъаозийна хиларх. Нагахь Царнаевн бехк хилар тIечIагIдахь цунна вен кхел ян мегаш ю кхело.

XS
SM
MD
LG