ТIекхочийла долу линкаш

Медицинехула Нобелан совгIат делла адаман коьртан хье толлучу Iилманчашна


2014-чу шеран медицинехула долу Нобелан совгIат делла Iамеркан а, Британин а махкахо волчу нейробиологана О’Киф Джонна а, Норвегерчу зудий-майрий долчу Эдвард а, Май-Бритт МосергIаьрна а адаман коьртан хьено болх бар хьокъехь болх язбарна. Цуьнах О’Кифана делла ах совгIат.

Нобелан фондо динчу дIахьедарца, Iилманчаша бинчу талламо гIо дина адаман коьртан хьено гонах долчу хьолан карта муха кхуллу бохучух кхета. МосергIара болх беш бу Норвегенрчу Тронхеймехь. Ткъа О’Киф Джон талламаш беш ву Лондонерчу Университатан колледжехь.

XS
SM
MD
LG