ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнца девне йоцу юкъаметтигаш лело лууш ву НАТО-н керла куьйгалхо


Девне йоцу юкъаметтигаш лело лууш ву ша Оьрсийчоьнца аьлла, дIахьедар дина НАТО-н керлачу инарлин секретаро Столтенберг Йенса. Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира Оьрсийчоьнан Iедалша Донбассера хьал хIинца а чолхе доккхуш хилар. Столтенберг дийцарехь, НАТО дагахь ю кхин дIа а Украинина гIортор ян.

Норвегин хилла премьер-министр Столтенберг Йенс НАТО-н куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дан волалуш ву тIедогIучу Кхаарин дийнахь дуьйна. 2009-чу шарахь дуьйна цу даржехь хиллачу Данера Фог Расмуссен Андерса НАТО-н инарлин секретаран дарж дитира Гезгмашин-беттан 30-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG