ТIекхочийла долу линкаш

Украине гуманитарийн ковра хьажийна Германино


Хьалхара гуманитарийн ковра хьажийна Украине Германино. Иза тIеоьцуш оьшуш долу кехаташ кечдина Шинарин дийнахь Украинин а, Полшин а дозанехь. ТIеман конфликт йоьдучу Украинин малхбалерчу кIоштийн бахархошна гуманитарийн гIо хьажийнарг ю Германин экономикан а, кхиаран а министралла. 112 киралело машенах лаьтташ ю ковра. Цо Украине хьуш ду юргIанаш а, арахь кхача кечбон кухнеш а, ткъа иштта адамашна уггаре а хьалха оьшург а.

XS
SM
MD
LG