ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Луганск кIоштан доза хуьйцур ду Украинин Радо


Луганск кIоштан доза хийцар дехна Украинин Лаккхара Радан депутаташка президенто Порошенко Петрос. Цуьнах лаьцна хаам бина Украинин куьйгалхочуьнан зорбанан сервисо. Порошенкона хетарехь, цу кIоштан доза хийцаро аьтто бийр бу цигахь бехачу нахана деш долу гIо жигара даккха.

Хууш ма хиллара, Луганск кIоштан цхьайолу гIаланаш а, ярташ а Iуналла деш яц Украинин Iедалша. УНИАН агенталло дийцарехь, Украино кхечу к1оштех д1атоха билгалъяхнарш ю шайн карахь йолу Счастье а, Горное а, Золотое а гIаланаш а, гIала ю ала мегар долу 4 меттиг а, ткъа иштта ши юрт а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG