ТIекхочийла долу линкаш

БархI шо кхаьчна Политковская Анна йийна


ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь бархI шо кхаьчна «Новая газетан» корреспондент Политковская Анна йийна. ХIинца а хууш дац иза е аьлла омра деллар мила ву. Москох "Новая газетан» редакцина хьалха акци хилира Шинарин дийнахь, «Аннина зезагаш» аьлла цIе а йолуш.

Иза вовшахтоьхнарг яра Amnesty International дуьненаюкъара организаци. Политковская Анна дагалоцуш митингаш хилира Оьрсийчура цхьамогIа кхечу гIаланашкахь а, дуккха а кхечу пачхьалкхашкахь а.

XS
SM
MD
LG