ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кобани чубахана "Исламан пачхьалкхан" тIемалой


Шемахь тIемаш бечу «Исламан пачхьалкх» тобан аьтто баьлла Туркойн дозанца йолчу Кобани гIала чубаха. Цигахь дуьхьало еш болу курдаш юха а тоьхна, цара дIалаьцна цу гIалин кхо кошта. Исламан пачхьалкх тоба Кобани дIалаца гIерта кхо кIира а ду. Иза дан аьтто балахь Исламан пачхьалкхо шен караоьцур ду Туркойчоьнца долчу дозанан доккхах долу дакъа.

Кобани гIалара бевдда 160 эзар сов бахархой. Уьш коьртачу декъана курдаш бу. Малхбузерчу хаамийн агенталлаш бинчу хаамца, коалицин кеманаша масийтта сохьтехь бомбанаш а, ракеташ а йиттира Шинарин буса Кобани гIалана тIелата кечлучу тIемалошна. Амма цу тохарийн аьтто цабелира и нах совцо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG