ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дайлуш ду Оьрсийчоьнан сом а, мехкадаьтта а


Оьрсийчоьнан сом кхин а дайделла Iамеркан долларца дуьстича. Кхаарин Iуьйранна Москох биржехь хиллачу мах барехь цхьана долларх лора 40 сом кхин а кепекаш а. «ВТБ Капитал» олучу банкан аналитикаш бинчу хаамца, кху тIаьхьарчу кхаа дийнахь мах беш Оьрсийчоьнан Коьртачу банко сом дай ца далийта дайина ши миллиард гергга доллар. ХIокху тIаьхьарчу кхаа баттахь, Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а сенкцеш кхайкхийначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан ахча дайлуш ду Iамеркан долларца дуьстича.

Мангал-бутт болалуш цхьана долларх лора 34 сом. Цул сов хIора денна охьадовлуш ду мехкадаьттан мехаш а. Кхаарин Iуьйранна Лахьан-баттахь дIакхачор долчу Brent олучу мехкадаьттан цхьана чермах лора 91 доллар. Мангал баттахь дуьйна цуьнан мах охьабаьлла 21 процент. Ткъа Brent олу мехкадаьтта ду Urals олучу Оьрсийчоьнан мехкадаьттан мах хIоттош тергоне оьцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG