Герзаш деттар сацон барт бинчул тIаьхьа 331 стаг вийна Украинин малхбалехь. Цуьнах лаьцна хаам бина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин мониторинган миссино конфликт йоьдучу меттера хьал дуьйцуш кечдинчу рапорт тIехь. Юьйцург ю Марсхьокху-беттан 18-чу дийнахь дуьйна Гезгмашин-беттан 16-гIа дене кхаччалц йолу хан. Верриг а 6 баттахь хиллачу тIамехь вийнарг ву лаххара а 3660 стаг. 8756 стаг чевнаш хилла ву.
Мониторинган тобано кечдинчу документана тIехь дуьйцуш ду, машар бале хьалха сепаратистийн агIонеха тIом беш дуккха а кхечу пачхьалкхашкара нах хилар, шайна юкъахь Оьрсийчоьнан махкахой а болуш. Царна юкъахь бу Оьрсийчоьнан эскархой а. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу урахаллан Украинехь мониторинг йон мисси кхоьллина кху шарахь Зазадоккху-баттахь. Цу юкъахь ву 35 стаг.