ТIекхочийла долу линкаш

Путин а, Порошенко а цхьаьнакхетар ву Миланехь


Оьрсийчоьнан а, Украинин а президенташ – Путин Владимир а, Порошенко Петро а цхьаьнакхета мегаш ву тIедогIучу кIиранах Миланехь хир йолчу «Азин а, Европа а Митинг» олучу саммитехь. Цуьнах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнан гIоьнчо Ушаков Юрийс.

Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан президенто дагадовларш дIадахьа мегаш ду кхечу малхбузерчу лидершца а, ша аьлча Меркел Ангелица а, Францин президентца Олланд Франсуа а. Ушаковс бинчу хаамца, цу цхьаьнакхетаршкахь юьйцуш йолу тема хир ю Украинера хьал.

XS
SM
MD
LG