ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь лаьтта тIехулара тIеман операци дIаяхьа еза коалицино аьлла хета Туркойчоьнна


Шеман къилбаседера кIошташ дIалаьцначу «Исламан пачхьалкх» тобанна дуьхьал ша цхьаммо тIеман операци дIаяхьа дагахь яц Туркойчоь. Цуьнах лаьцна дIахьедар дина Еарин дийнахь туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта. Хонкарахь НАТО-н инарлан секретарца Столтенберг Йенсца зорбан конференци дIахьош Чавушоглус билгалдаьккхира Шемахь тIеман операци дIаяхьар хир долуш хIума дац аьлла.

НАТО а, Цхьаьнатоьхна Штаташ а кхайкхамаш беш ю Туркойчоьне «Исламан пачхьалкх» тобанца дIахьочу къийсамехь жигара дакъалацахьара бохуш. Коалицин эскарша деш долу тохарш оьшуш хIума ду, амма бомбанаш а, ракеташ а еттарх тIемалой совцалур бац аьлла хета Туркойчоьнна. Туркошна хетарехь, цаьрца къийсам дIахьош пайда эца беза массо а аьттонех, шайна юкъахь лаьтта тIехулара тIеман операци дIаяхьар а долуш.

XS
SM
MD
LG