ТIекхочийла долу линкаш

Политковская Аннин преми елла езидийн бакъоларъярхочунна


Езидийн бакъоларъярхо ДахIил Виан

Езидийн бакъоларъярхо ДахIил Виан

«ТIамтIехь болчу зударшна гIо кхачор» цIе йолчу юкъаралло Политковская Аннин цIарах долу ахчан совгIат делла Иракъерчу езидийн бакъонашларъярхочунна ДахIил Вианина. Преми схьаоьцуш цо далхийра шен къомана тIехь «Исламан Пачхьалкх» олучу тIемалойн тобанаша латтош долу Iазап.

ХIара бархIалгIа шо ду оьрсийн дуьненна а гIараяьллачу догмайраxчу журналистан Политковская Аннин цIарах юкъадаьккхина ахчанан совгIат адамийн бакъонаш ларъярехь доьналлица билгабовлучу зударшна луш долу.

Адамийн бакъонашларърхочунна, Иракъан парламентан депутатна ДахIил Виан ю кхушара и преми кхаьчнарг. Цо дуьйцу Иракъехь чолхе лаьттачу хьолах лаьцна, адамийн бакъонаш хьаьшна хиларх, къаьсттина зударшкахь долу хьелаш дуьнене мохь-орца доккхучохь хилар хоуьйтуш.

ТIемалоша зударий хьийзош, уьш, базарахь санна, мах хIоттийна бохкар, дийна делккъехь лечкъор, де доьхна церан хьийзар, корта кIелбахьа тхов а боцуш. Курдой бехачу меттера Виан ДахIила къамел дира Маршо Радиоца телефонан зIенехула.

Виан: "Сан миска къам тахана а шен корта кIел бахьа тхов боцуш, арахь дисина. ЦIенош хIаллакдина, тIехь-когахь беркъа. Буьйсанаш шийла ю, тIедогIуш Iа а ду. Цхьацца йолчу юкъараллин тобанаша гIо лоцу юучуьнца-молучуьнца, тIетаса, тIейоха бедарш а луш. Цунах тоам хуьлийла дац, хьашташ дуккхаъ а хуьлу адаман Iа а, даха а доьлча».

Даккхий зуламаш до «Исламан Пачхьалкхан» тIемалоша шаьш дIалецначу меттигашкахь бухарчу бахархошна. Марсхьокху-беттан 12-чу дийнахь, масала, Иракъан къилбаседанерчу Синджар ломатIехь доьхна чудеанера беракема. Оцу муьрехь чов хилира ДахIил Вианина. Цо дийцарехь, къаьсттина балелоьцу тIемалоша шаьш дIалецначу меттехь карабаьхкина зударий.

Виан: «Езийдийн 25000 зудабер карадахана «Исламан Пачхьалкхан» тIемалойн. Хаа аьтту бац царех хилларг. Тайп-тайпанарчу хаамийн гIирсашца дийцарехь, царех цхьаберш набахтехь латтош бу Иракъехь, вуьйш Шемахь латтош бу. Зудаберашна тIехь ницкъ бо, 150 Iамеркан доллар мах а хIоттийна бухкуш бу».

Дуьненан юкъараллашка ДахIила доьху маслаIат дар шайний, кхечу бусулба дуьненний юкъахь, шаьш жима къам хиларе терра, шайх къинхетам а беш. Ишта, «Исламан пачхьалкхан» тIемалоша «шайтIанан тIаьхье» олу шайх, бохуш, леткъамаш а бо ДахIил Вианас.

Дуьненаюкъара терго хилира ДахIил Вианас Марсхьокху-баттахь парламентан декъахошна хьалха дог дассош бинчу кхайкхамехь. Иракъан Синджар ломатIехь тIемалоша маьрша бахархой ницкъала лецна латтабар геноцид хета шена боху Вианас.

Виан: "Ас доьху Иракъан а, кхечу хIора пачхьалкхан а куьйгалхошка маслаIат дар. ХIунда аьлча, хьал чолхедаьлла, цхьана Иракъе нислур долуш дац. ХIоттийша цу бехкбоцчу зударийн метта, кхетийша церан дегнех, синойх. Мича хьолахь хила еза 10-12 шо долчу берийн психика?

Суна лаьара хатта «Исламан Пачхьалкхан» тIемалой бакъбеш волчу хIоранга: церан метта хилча, хIун дийр дара аш? Мичахь бу шун къинхетам? Дац шун кийрахь дегнаш? И йоI хила ма тарло шун йиша, бер, шун лулара яхархо. ХIетте а шун дог тохалуш дацахь, сан шуьга кхин ала хIумма а дац!»

Синджар ламтIехь бохам хилале шаьш йоьхург маршо, нийсо яра, шайна а лаьара хуьлийла Иракъерчу кхечу кьаьмнийн йоллу бакъонаш, бохура ДахIил Вианас.

Ткъа тахана курдошкара хьал цкъа а ца хиллачу кепара доьхна хиларе терра, езидийн бакъоларъярхочо доьху дуьнене шен мискачу, жимчу къомах дIалецна нах арахецийтар а, «Исламан Пачхьалкхан» тIемалойх шаьш лардар а.

XS
SM
MD
LG