ТIекхочийла долу линкаш

Шайн парти кхоьллина де даздина Къилбаседа Корейно


Махкахь урхалла дон Белхан парти кхоьллина 69 шо кхачар даздеш ю Къилбаседа Корей. Пачхьалкхан зорбанан гIирсаша даиман санна хестош хIума лелийра пачхьалкхан куьйгалхо Ким Чен Ын. Амма цара ца хьахийра цо ша дакъалаьцна даздаршкахь, я ца лаьцна бохург. Цу авторитаран пачхьалкхан лидер нахана юкъаваланза бутт сов хан ю.

Цуьнан бахьана иза могуш воцуш хилар ду аьлла хета тергамхошна. Ким Чен Ынан 31 шо ду. ТIаьххьара иза цхьана концерте хьажа вахана гайтира телевизионехула. Цу сурташ тIехь иза астагIлелхаш а вара, хаьлха хиллачул а алсам дегIа тIе дилха диллина а вара. Официалан бинчу хааман тIехь ду Ким Чен Ын лазар ловш ву аьлла.

XS
SM
MD
LG