ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кобани дIалоцуш бу "Исламан пачхьалкх" тобан тIемалой


Шемарчу жигархоша дийцарехь, кху тIаьхьарчу дийнахь-бусий «Исламан пачхьалкх» олучу организацин тобанаш кхин а къорге чуяхана Туркойчоьнан дозанца йолчу Кобани гIала. Цара чIагIдарехь, тIемалоша дIалаьцна лаххара а цу гIалин 40 процент территори.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Шемахула волчу векло де Мистура Стаффана кхайкхам бина Туркойчоьне Кобани тIаме боьлхучу нахана бакъо лахьара Шеман доза хадо аьлла. Де Мистурас дийцарехь, 700 эзар стаг вуьсуш ву хIинца а Кобани гIалахь. Царах дукхах берш бу баккхий нах а, маьрша бахархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG