ТIекхочийла долу линкаш

Путин сийсаз веш байташ лекхна Беларусерчу стадионехь


Беларусин низамаш лардочу органаша 100 герга Украинера футболан фанат дIалаьцна футболан матч дIайоьдуш а йолуш цара Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир сийсаз веш байташ йоьшуш хIума лелийначул тIаьхьа. Цул сов 30 Беларусера фанат лаьцна Борисов гIалахь Белорусин а, Украинин а футболан тобанаш ловзуш Путин Владимир сийсаз варна. Царах дукхах берш дIахецна.

Амма Украинера 12 стаг бехке а вина чувоьллина 5-10 де набахтехь даккха хенаш а тоьхна. Иштта гIуда тохарца таIзар дина 12 беларусана а.

И инцидент хилла Йозуш йоцучу пачхьалкхийн бертана юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхойн цхьаьнакхетарехь дакъалаца Минске вогIуш Путин а волуш. Путинна дуьхьал йолу байт лозунг а хилла дIахIоьттина украинахошна, Оьрсийчоьно ГIирма дIа а лаьцна, Украинехь тIом баьккхинчул тIаьхьа.

XS
SM
MD
LG