ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалхе ду санкцеш юхаяха


Оьрсийчоьнан Iедалшна дуьхьал кхайкхийна санкцеш мал йойла дац аьлла, дIахьедар дина Iамеркин пачхьалкхан секретаран гIоьнчо Нуланд Викторияс. Цо дийцарехь, санкцеш юхайохур яц Украинера кхечу пачхьалкхан эскарш арадовллалц а, Украинин ерриг а территорина тIехь Киеван суверинитет юхаметтахIоттаяллалц а, берриг а закъалтхой маьрша баххалц а.

«Тахана вайн кехат тIехь машаран сацам бина Украинехь, амма машаран барт бохош бу уггаре а коьртачу декъехь», - аьлла дIахьедар дина Нуланд Викторияс Еарин дийнахь Берлинехь йист хуьлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG