ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харцонца яьккхина мидал дIаяьккхина Британин эскархочуьнгара


Британин паччахьо Элизабет ШолагIчо исторехь дуьххьара Британин эскархочуьнгара дIаяьккхина цунна елла мидал. И мидал майорана Амстронг Робертана елла хилла 2009-чу шарахь ОфхIанистанехь тIом беш майралла а, хьуьнар а гайтарна.

Цу хенахь дуьйцуш дара цу стеган доьналла хилар бахьана долуш кIелхьар баьхна чевнаш хилла нах бохуш. Амма полицино таллам бича гучудаьлла иза харц хилар. Армстронг эскарера мукъаваьккхира ши шо хьалха къайлах долу кехаташ а, патарманаш а шен цIахь латторна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG