ТIекхочийла долу линкаш

"Тийналлан раж" хIоьттина Донецкехь


Оьрсийчоьно гIортор еш болчу сепаратисташа юха а герзаш диттина Дебальцево а, Счастье а олучу гIаланашна гонах болчу Украинин ницкъашна. Украинин тIеман министраллан векалша бинчу хаамца, Шоьтан буса Украинин эскархойн позицешна тIелатар деш сепаратисташа пайда эцна дезачу герзех. Донецкехь ПIераскан дийнахь вийна 3 маьрша вахархо. Цуьнах лаьцна хаам бина цу гIалин мэрино. Кхин а 4 стаг чевнаш йина ву.
Донецкан халкъан республика шех олучу тобанан куьйгалхо лоручу Захарченко Александара дIахьедар дина, кхин 5 де даьлча деза герзаш а юхадаха дагахь ю ши а агIо аьлла. «Тахана «тийналлан раж хIотта езаш ю». Нагахь и раж 5 дийнахь ларъяхь шина а агIоно юхайоккхур ю еза артиллери», - элира цо журналисташна хьалха вист хуьлуш.
XS
SM
MD
LG