ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан пачхьалкх" тобанна шайн ницкъашца дуьхьало ян дагахь ду Иракъан Iедалш


Иракъан премьер-министро ал-Абади Хайдера юха а дIахьедар дина кхечу пачхьалкхашкара эскарш шайн махка далор дац шаьш аьлла. Цо иза дар доьзна ду Анбар-провинцин куьйгшалхоша БагIдаде цу тайпа дехар дина хиларца. Цу регионан Iедалша дехар дина Iамеркин эскаршка «Исламан пачхьалкх» олучу организацин тобанашна дуьхьал латта гIо дахьара шайна аьлла.

Анбарехь и нах схьаяккха гIерташ бу цу провинцин коьрта гIала Рамади. «Би-би-си» дийцарехь, Анбар провинци дIалаца аьтто балахь тIемалойн таро хир ю Иракъан коьртачу гIалана БагIададана тIелатар дан.

XS
SM
MD
LG