ТIекхочийла долу линкаш

Курдийн ницкъийн хIусам дIалаьцна тIемалоша Кобанехь


«Исламан пачхьалкх» олучу организацин тIемалоша ПIераскан дийнахь дIалаьцна Кобани гIалара курдийн тIеман тобанийн штаб-хIусам. Франс Пресс агенталло бинчу хаамца, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин векалшна хетарехь, и бахьана долуш эзарнаш нах байа мегаш бу тIемалоша цу гIалахь. Курдийн тобанаш дуьхьал тийсалуш яра Кобани гIалахь иза "Исламан пачхьалкх" тобанна кара ца яхийта гIерташ.
ТIемалошна дуьхьало ян гIерташ хIаваэхула тохарш деш бу коалицин ницкъаш. Iамеркан тIеман министраллан векалша дIахьедар динера лаьттатIехула тIеман операци ца яхь, тIемалойн тобанаш совцалур яц аьлла. ТIеххьара болчу хаамашца, "Исламан пачхьалкх" тобан декъашхойн аьтто ца баьлла хIинца а Туркойчоьнца долу доза шайн караэца.

XS
SM
MD
LG