ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн Машаран Боламо трибунале воьху Путин Владимир


Европа --Нохчийн Машаран Марш, Париж, 11 ГIа2014

Европа --Нохчийн Машаран Марш, Париж, 11 ГIа2014

Шина кIиранах Машаран Маршаца Европехула чекхбевлла тайп-тайпанарчу мехкашкахь беха нохчийн жигархой, коьртехь бакъонашларъярхо Ибрагимов Сайд-Эми а волуш. Марш Праге кхаьчча, Маршо Радион хIусамехь а хилира бараман декъашхой.

«Ши пIераска цхьаьна деана» олу мур бара нохчашна дахана ши кIира. Даймахко даздора шех «паччахь» бен олуш а доцу администратор Кадыров Рамзан а, Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а вина денош.

Европерчу нохчаша хIоттийнера Машаран Марш. «Сацае нохчашна тIехь еш лаьтта геноцид» аьлла, агIонан бохала тIеяздина йоза а долуш, цхьана махкара кхечу махка йоьдуш, лийлира цхьа еха автобус.

Даймахкара барамаш хIиттош лаьхкинера Соьлж-ГIала махкахь мел волу аьлча санна хьехархо, дешархо, лор, коммуналан белхахо. Царна дийцира, цаьрга шайгга а дийцийтира Кадыровххий, Путинаххий лаьцна деза дешнаш. И ши «паччахь» воцуш мегар яц я Нохчийчоь а, я ерриг Оьрсийчоь а, уьш санна къонахий наноша цкъачунна дуьнентIе баьхна а ца хилла, бохура политикерчу нохчийн интеллигенташа.

Ткъа геноцид ялхош новкъаяьллачу Машаран Маршо, Европерчу хIора пачхьалкхан шахаьарахь бухарчу парламентан цIенна хьалха а хIуьттуш, дуьйцура, Нохчийчохь, адамна даха а йиш йоцуш, къиза лаьтта хьал, бохуш.

Соьлж-ГIалахь Iедалан чоьтах вовшахтоьхначу барамашка 100 эзар нохчо веана бохура меттигерчу телевизионаша а, газеташа а.

Европерчу Машаран Маршехь вара ткъеха - ткъе иттех стаг.

Соьлж-ГIалахь баннершна, шина «паччахьан» суьрташ тIехь а долуш арахецначу духаршна, бIе метрш еха йинчу байракхашна дайинера миллионашкахь ахча.

Европерчу Марше арабевллачара шаьш я паччахь а, я оьзда адамаш а ца лоручу ши хьаькам емалвеш яздинчу гатанашний, автобусна ягориг оьшушший йойъу кепекаш вовшахтоьхнера уьш санначу мискачу нохчийн мухIажирша.

Ши кIира чекхдаьлла.

Соьлж-ГIалахь хиллачу барамех дийцар наха хIинцале дерзийна.

Ткъа Европехула чекхбевллачийн Машаран Марш юьйцуш ю хIинца а.

Машарана Маршан автобус Праге кхаьчча, цуьнан жигархойх массех шен хIусаме кхайкхира Маршо Радионо. Францехь веха нохчо, Марш айина бакъоларъярхо Ибрагимов Сайд-Эми, нохчех даима а дог лозуш веха Польшера бизнесхо, политикан жигархо Боровски Адам, украинахо Подгурский Андрей.

Бакъоларъярхо Ибрагимов Сайд-Эми

Бакъоларъярхо Ибрагимов Сайд-Эми

ХIоранца а рогIехь иштта къамел хилира тхан..

Хьалхара къамел ду Ибрагимов Сайд-Эмица.

Путин Владимир а, цуьнан го а ХIаагерчу трибунале озор пачхьалкхийн парламенташка, куьйгалхошка дехарал совнаха, кхин цхьа нохчийн проблема а ю бакъоларъярхочо Ибрагимов Сайд-Эмис айина юьйцуш ша протестан акцеш дIахьош массанхьа а – набахтешкахь бохку нохчийн къонахий, мехкарий.

Цунна хетарехь, беккъа дIа Европехь бехачу нохчийн гIайгIанаш бац цо дуьнене мохь тоьхнна балхораш. Цо къам, Нохчийчохь дехарггий, мухIажираллехь дехарггий бохуш, къеста а ца до. Ша дуьненан дайшка буьйцург дерриг а нохчийн къоман бала бу боху Ибрагимовс.

Машаран Маршехь нохчийн гIайгIа буьйцуш арабевлла бара украинахой а, кхечу къаьмнийн векалш а. Украинерчу жигархочо Подругский Андрейс а довзийтира ша нохчийн Марше валаран бахьана.

Подгурский: «Нохчийн къам суна чIогIа тера хета тхайх, украинахойх. Тхо тахана, цкъа а ца кхеттачу кепара кхета нохчийн къомах, цара тIеман хенахь лайнарг, оьрсийн эскар дуьххьара чудеача цо лайнарг. Цундела ас а, со санначара а гIо узу цаьргахьа, тхо нохчашкахьа ду.

Дуьненан юкъаралло, юьстах а яьлла, тIехтесна дитира шун хьашташ, лазам хIетахь, тахана тхайнаш санна. Мегар дац иштта букътоха, вай цхьана мостагIца тIамехь ду.

Оьрсийчоь ямарт пачхьалкх ю, тIамца и мел хьакхаелла пачхьалкхаш цхьана бертахь хила езара. Тхайн Оьрсийчоьне, цуьнан куьйгалхочуьнга боцу безам, йолу дог-ойла, тхайна тIехь ницкъ бар дуьненан юкъаралле дIахаийта дезара. Олуш ма-хиллара, цхьана салтичух тIемало хир вац, цундела массо а цхьабоса гIаьттича, дуьненан юкъаралана вай хезар а дара, цуьнгара жоп а хир дара.

Машаран Марш Iаламат пайде некъ бу.

Мегар дац дицдан бехк боцуш Нохчийчохь а, Украинехь а хIаллакъдина адам. Цул совнаха, цу зуламна бехке болу нах жоьпе озо а беза. Тхо тешна ду, Оьрсийчоьнан куьйгалхо Путин Владимир мацца хиъна а, хуург хиларх зуламхочун гIента».

Полшехь зорбанан бизнесхо ву Боровски Адам. Амма вевза иза шен махкахь а, арахьа а политикан жигархо санна. Иза адамийн бакъонаш йийца, къийса араваьккхира 1994-чу шарахь Нохчийчохь болабеллачу тIамо. ХIетахь дуьйна нохчех боьзна цо шен кхоллам, дахаран некъаш. Иштта къамел хилира Маршо Радион шен хIусаме веъначу Боровски Адамца.​

Полша --бизнесхо, политик Боровски Адам

Полша --бизнесхо, политик Боровски Адам

Боровски: «Хьажахь, 1991-гIа шо тIедаллалц «нохчий» бохуш къам дуй а ца хиинера-кх хьуна суна. Амма суна даима а хетта, къомана маршо езахь, цунна иза яла еза. Кавказехь къам ду шен маршо яьккхина аьлла хезча, ма воккхавера со, алахь!

Суна хаьара, мел къиза пачхьалкх ю Оьрсийчоь. Цо тхоьца лелийнарг! И дерриг а дина цо нохчашца. ТIаккха суна хиира, мел дукха хIума ду нохчашний, полшахошний юкъахь. Исторехь цара гергарлонаш лелийнийла а хиира суна.

1994-чу шарахь нохчийн проблемашца болхбан волавелира со. Кхушара 20 шо кхочу ас и болх схьабахьа.

ХIаагехь кхелйина Боснехь а, ХIерцоговинехь а нах байинчарна. И низамаш долуш ду. Цхьанна мегаш нах хIаллакбан, кхечунна ца мегаш ма дац. Оха боху Европерчу политикашка, аш Нохчийчохь леллачунна бIаьргаш къевлина шайн. Малхбузенна и проблемаш шайна тIехIуьттур яц моьтту. ХIуьттур ма ю. Цундела оха боху политикашка, ХIаагехь кхел ю, зуламхой ийзо беза цига. Тхоьгахь суьрташ ду, тешаш а бу болуш. Дерриг а ду.

Нохчийчохь схьааьхкина декъий дIаIиттина меттигаш, цигахь бераш ду, зударий бу. И дерриг дан ма ду, муха къовлур бу цунна бIаьргаш дIа? Муха алалур ду, иза ца хилла?

Цундела лела тхо Европехула, доьху политикашка, вовшахбетта уьш, кхетош. Зуламаш таллийта гIерта тхо. Зуламхочунна таIзар догIу. Вай иза ца дахь, цо кхидIа а дийр ма ду шен зуламаш.

Ас бакъдерг боху хьоьга, со мел вехаш ву хаьий хьуна! Мел дика доттагIий бу сан нохчашлахь! Мел дика бу. ХIара 20 шо сан дахаран тоьлла шераш ду.

Нохчийчоь халонехь ю хIинца а, со цунна сайга далуш долу гIо деш ву. Цхьанна, шинна, иттанна. Сан хIусамехь ваьхна тIаьхьий-хьалхий 150 нохчо. Масхадовн доьзал а Iийра 1, 5 баттахь. Сан цаьрца гергарлонаш ду. Суна го, уьш мел дика, оьзда нах бу. Суна хаьа, Путина мел дуьйцург – аьшпаш бу».

Закаев Ахьмад

Закаев Ахьмад

​…Йирзина Европерчу нохчийн рогIера политикан акци – Машаран Марш. Иза а, и санна болу а барамаш стенна оьшу, цара хIун дохьу, аьлла хаттар дира Маршо Радионо Европехь мухIажираллехь болчу нохчех шега даллучул жоп дала а гIерташ схьавогIучу Нохчийн Республикан Ичкерин махкахдаьллачу Iедалан куьйгалхочуьнга Закаев Ахьмаде. Иштта хадабо цо шен мах.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG