ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боснера, ХIерцоговинера харжамаш


Боснехь, ХIерцоговинехь кIирандийнан сарахь бирзина масситта тIегIанара харжамаш. Харжамийн комиссино бечу хаамца дакъалацна харжамашкахь ах сов харжамхоша. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин векалша тоьшалла до Боснехь, ХIерцоговинехь харжамаш лаккхарчу низамехь чекхбовларх а, алссам къоначу харжамхоша дакъалацарх а.

Пачхьалкхах жоп лучу президиуме хаьржина мехкан кхаа декъах кхо стаг: бусулба боснийхойх – Изетбегович Бакъир, хорватех – Чович Драган, сербех – Цвиянович Зелика. Цара жоп дала деза Iедалх. Иштта, хилла президентан харжамаш а. ЖамIаш билгалдевр ду тIебогIучу беттан 11 де тIекхачале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG