ТIекхочийла долу линкаш

"Баткивщина" жуккарех цIанлуш ю


Украинерчу «Батькивщина» партино шен могIарш цIанбеш, шен декъара баьхна бIеннаш нах. КIирандийнахь меттигерчу зорбанна оцу партин лидеро Тимошенко Юлияс дийцира 1500 декъашхо тешаме вацарна дIаваьккхина партера аьлла.

ТIаххьарчу шина шера чохь цара харцонаш лелийна мехкан бюджет къастош, лаьттанаш дIасадоькъуш, бохура Тимошенкос. Президента Порошенкос деношкахь люстрацех лаьцна арадаьккхинчу низамца а догIуш, Украинехь миллион гергга хьаькам зуьйр ву балхаца лараваларца а, куьйганна цIена хиларца а.

XS
SM
MD
LG