ТIекхочийла долу линкаш

Сепаратистийн "губернатор" лаьттинчу Губаревна кIелойина


«Донецкан халкъан республика» олучу оьрсийн сепаратистийн мехкан «халкъан губернатор» шех олуш хилла Губарев Павел халчу хьолехь дарбан цIийне кхаьчна. Оршоьтан буса, кIело а йина, герз тоьхна и чохь вогIуш хиллачу машенна тIе, Оьрсийчоьнан агенталлаша бахарехь.

Донецкера-Ростов боьдучу новкъахь нисделла иза. Диттах кхетта карийна машен. Ткъа ша Губарев тиларчохь а воцуш Ростов дарбан цIийне кхачийна. Бохам хиллале Губаревс Фейсбукчу яздина хилла, ша кеста цхьа вуно мехала хаам дасабаржор бу аьлла.

XS
SM
MD
LG